Дуьхьарлера безам New 2014 [M95] Тамила Умарова



Здесь можно прочитать текст песни Дуьхьарлера безам New 2014 [M95] - Тамила Умарова. Стихи и песня онлайн.

Автор: Тамила Умарова

Название песни: Дуьхьарлера безам (New 2014) [M95]

Текст просмотрен: 822


Другие песни исполнителя Тамила Умарова


Текст песни:

Дуьххьарлера хаза безам, дуьххьарлера ойланаш,
Тамашийна т1ома йохуш сан мерза наб яйна буьйсанаш,
Бай т1ехь техкаш зезаг санна, цуьнга дуьйцуш даггара,
Аьрха са гаре сатуьйсуш хийла денош ихира.

Амма сан деган харжам – хьо цхьа1 ву,
Са парг1ат ца дуьтург – и хьо ву,
Ойла карзах юьйлуш хьийзаш ю,
Массо а х1уманна бахьна – хьо ма ву.

Дуьххьара вай цхьана лаьтташ, дуьххьара хьо вист хуьлуш,
Сайн къийлина дог ас достуш, оьздангаллин лаг хьа гуш,
Нийсархоша соьга олу – и к1ант г1иллакхе ма ву,
Суна-м дазлой эхь хоьтуйтуш сай ц1е йаларна кхоьруш.

Амма сан дагна тайнарг –хьо цхьа1 ву,
Къайлах ойла йийраг – и хьо ву,
Дерриге а дуьне сай ду моьттуьйтуш,
Со 1ехориг – иза хьо ма ву.


Возможно, вам понравятся также:

Комментарии:

Добавить комментарий