Со вина сан нана Шарпуди Исмаилов



Здесь можно прочитать текст песни Со вина сан нана - Шарпуди Исмаилов. Стихи и песня онлайн.

Автор: Шарпуди Исмаилов

Название песни: Со вина сан нана

Текст просмотрен: 1157



Скачать

Другие песни исполнителя Шарпуди Исмаилов


Текст песни:

Тахана кхечи со винчу сайн юрта,
Сай нанас хаза хьоьстуш кхиинчу сане,
Бераллехь мерза мур баьхьначу ирзе,
Сай нана кхуирзехь гаре сатесна, ва лайлахь ялалай.

Ва ненан дикалла, цуьнан хаза г1иллакхаш,
Аса цуьнца яьккхина и мерза зама,
Кху диттан генаш т1ехь олхазарш декаш,
Ткъа сан дог хьо гаре сатуьйсуш 1а, ва лайлахь ялалай.

Дага дог1у суна со вина сан нана,
Со кара ва эцна цу беша вай дахна,
Хьай хаза к1ай куьйгаш стоьмашна кхийдадеш,
И генаш охьа ийзош санна суна хета, ва лайлахь ялалай.

Баркалла ду хьуна со вина сан нана,
Кху ирсе заманахь ахь кхиа варна,
Адамашца г1иллакхе бийца мотт 1амийна,
Ехийла к1енташна хьо санна нана, ва лайлахь ялалай.

Цхьа дехар ду шуьга сан хьомсара доттаг1ий,
Аш пусар делаш шаьш динчу шай наной,
Къинт1ера бахалаш шаьш хьийзабарна,
Бехийла уьш вайна массо а ханна, ва лайлахь ялалай.

Со вина сан нана Шарпуди Исмаилов

Возможно, вам понравятся также:

Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: