Зама HD [M95] Ризавди Исмаилов



Здесь можно прочитать текст песни Зама HD [M95] - Ризавди Исмаилов. Стихи и песня онлайн.

Автор: Ризавди Исмаилов

Название песни: Зама (HD) [M95]

Текст просмотрен: 869



Скачать

Другие песни исполнителя Ризавди Исмаилов


Текст песни:

Слова Ваха Ахматов, музыка Ризавди Исмаилов

I. Дей-буьсий а даим санна йог1у,
Дийнахь - серло, буса бода го
Малх а, бутт а хийцам боцуш хьоьжу
Дийнахь, бусий терго цара йо.
Акхарой а лела шайн амалехь,
Шайн г1иллакхех церан йохар дац,
Лаьмнаш сийлахь массо хенахь лаьтта,
Куьцах-кепах уьш а доьхна гац.
Лаьмнаш сийлахь массо хенахь лаьтта,
Куьцах-кепах уьш а доьхна гац.

II. Хи а хьаьдда охьанехьа дог1у,
Таь1на меттехь цуьнан сацар ду.
Лакхе ца ловш иза охьадоьду,
Массо синан кхача цуьнца бу.
Адамийн хьал сица хийца делла,
Дахар церан шина куьцехь ду.
Цакхетамо цунна бала белла,
Бехке йийриг цунна зама ю.
Цакхетамо цунна бала белла,
Бехке йийриг цунна зама ю.

III. Зама-зама хийцам боцуш лаьтта
1илма, кхетам, цуьнан хазна ю.
Зама къахьеш т1ебеанехь бала
Бехк ма билла, вайца кхетам бу.
Ирсе хир ю сил исбаьхьа зама,
Ц1ена безам вовше дезаш лахь.
Массо къаьмнийн дуьне цхьаъ дуй хаа,
Хьайн доьзалан санна ларам бан.
Массо къаьмнийн дуьне цхьаъ дуй хаа,
Хьайн доьзалан санна ларам бан,
Хьайн доьзалан санна ларам бан.

Зама (HD) [M95] Ризавди Исмаилов

Возможно, вам понравятся также:

Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: