Мерза безам New 2015 [M95] Рашана Алиева



Здесь можно прочитать текст песни Мерза безам New 2015 [M95] - Рашана Алиева. Стихи и песня онлайн.

Автор: Рашана Алиева

Название песни: Мерза безам (New 2015) [M95]

Текст просмотрен: 1468


Другие песни исполнителя Рашана Алиева


Текст песни:

I. Ца оьшу сан дагна кхин йовхо,
Ца оьшу сан б1аьргашна серло.
Хьо хилча сан ц1ий лела пха,
Хьо хилча сан дахаран га.
Хьо цхьаъ хилча дерриге сан,
Хьо цхьаъ хилча ас доь1у са.

Припев:
Безам хьо хиларх мел къаьхьа,
Хьо хиларх мел чоме.
Дац суна дуьненахь, дахарехь
Х1умма а хьоьл хьоме.
Мел мийларх ас безам,
Сан дог цунах 1аба ца доллу.
К1елхьара яла хьох,
Со некъаш леха ца йоллу.
Хилийта мерзачу баланех ца йоллуш со,
Висалахь сан дега йийсарехь даима хьо.

II. Ма хьежа хьо бузучу малхе,
Ма леха ирс доьдучу хица.
Вай безаман чакхе хир яц,
Хьан амат сох д1акъаьстар дац.
Хьо цхьаъ хилла дерриге сан,
Хьо цхьаъ хилла ас доь1у са.

Припев:
Безам хьо хиларх мел къаьхьа,
Хьо хиларх мел чоме.
Дац суна дуьненахь, дахарехь
Х1умма а хьоьл хьоме.
Мел мийларх ас безам,
Сан дог цунах 1аба ца доллу.
К1елхьара яла хьох,
Со некъаш леха ца йоллу.
Хилийта мерзачу баланех ца йоллуш со,
Висалахь сан дега йийсарехь даима хьо. (2 раза)
Висалахь сан дега йийсарехь даима хьо.

Мерза безам (New 2015) [M95] Рашана Алиева

Возможно, вам понравятся также:

Комментарии:

Добавить комментарий