Хьо цхьаъ ву са M95 Макка Сагаипова



Здесь можно прочитать текст песни Хьо цхьаъ ву са M95 - Макка Сагаипова. Стихи и песня онлайн.

Автор: Макка Сагаипова

Название песни: Хьо цхьаъ ву са (M95)

Текст просмотрен: 646



Скачать

Другие песни исполнителя Макка Сагаипова


Текст песни:

Соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча,
Велалуш хьо мерза сайга схьахьаьжча,
Б1аьргийн нур сан д1аэцна, сан дог йийсаре лаьцна,
Вай безаман хьозано ше т1ам хецна.(х2)

Хьо цхьаъ ву ас хаьржина, хьо цхьаъ ву ас къастина,
Ойланах сан хьаьрчина, дог ахь сан дашийна..
сан дагах ц1е латийна.(х2)

Хийла оьг1азлонца ахь соь дош аьлча,
Боцу бехк а буьллуш бехке со йича,
Хиларх иза ла хала, ницкъ бац сан хьоь дош ала,
Х1ун де ас, хьомениг, кхин а ч1ог1а везча.(х2)

Дерриг дуьне хьо ду сан, маьлхан нур а, беттан са.
Б1аьргийн нур а хьо ду сан, ирсе седа хьо бу сан.(х2)

Дагахь яц со хьоьх яла, хьоьха къаьстина яха,
Майра йиш ю сан ала, хьан ц1арца со еха.
Ирсе дахар хьоьца го, сан безаман 1илма хьо,
Хьан безамо ирсе йо, суна Везчу Далла велла хьо.(х2)



Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: